Нохчийчоьнан зорбанан министран гӀовса волу Баширов Сайд-Мохьмада дукха хан йоцуш "Рамзанна доӀа де" аьлла аудиохула бина кхайкхам, цу сохьта республикан куьйгалхочуьнгахьа тидина хилар, къеггина гойту, цуьнан могушаллица халонаш хиларх лаьцна даьржинчу эладитанийн барам. ХӀинца, хӀора йоццачу ханна Кадыров гуш ца хилча- къаьстина тӀаьххьара мангал-баттахь– хеттарш кхуллу, куьйгалхочун декхарш кхочушдан, цуьнан могушалла хиларх лаьцна. Редакцин журналисташа теллира, ша Кадыровс кхин дӀа а стенна дуьйцу, ша дарж дита дагахь хилар.
Москва вахар
2025-чу шеран стигалкъега-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзан цIеххьана дийца волавелира шен дарж дита дог ойла хилар. Цо билгалдаьккхира, сацам "лакхарчу буьйранчин" карахь хилар, ткъа ша, Нохчийчоьнан куьйгалхо, "командан декъашхо" санна, " йа дехар дан йа кховдо" бен йиш йолуш вац, аьлла.
Кадыров шен даржера дӀавала ойла хилар а, оьрсийн президентаца хилла цхьаьнакхетарехь лаьцна дӀакхайкхадале хьалха, "Новая газета Европа" зорбано йаздира "куьйгалхочун цамгар гена даьлла хиларо, Нохчийчохь Ӏедал хийцадаларан сценари жигарайаьккхина".
Ша шен Ӏуналлехь латточу нохчийн хаамийн агенталле аьлларг а, Москвахь призидентаца хилла цхьаьнакхетар а жигара дийцаре даьккхинчул тӀаьхьа, Кадыровс шен дешнийн маьӀнех цхьаберш нийса ца кхета, аьлла дIахьедар дира. Дерриг а Соьлж-ГӀалара провокаци санна лара мегар дара, нагахь санна ша, нохчийн куьйгалхочо, цхьаьнакхетар дӀадоладалале, ша президентан сацаме сатуьйсуш ву аьлла, йуха а ца дийцинехьара.
Кху беттан 7-чохь Кадыров Москва вахар, Украинерчу тӀамца доьзна хаттарш луьстуш белхан цхьаьнакхетар ду аьлла дIахьедина дара. Протоколан видеокадрашкахь Кадыров хаалуш ву могуш воцийла – хьалххе кечдина, масех кехат тӀехь даккхийчу элпашца йаздина йоза цо дӀадоьшучу хенахь, куьйгаш а аза а дегадо цуьнан. Цхьаьнакхетар хиллачул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо, жамӀаш деш, хьахийра Оьрсийчоьнан президенто, ша дарж дитар къобал ца дира аьлла.
"Владимир Владимировича, тӀаьххьара интернетехь хиллачу дийцаршна комментари йеш, йуха а далийра Марк Твенан гӀарадаьлла дешнаш: "Со валарх лаьцна хаамаш вуно хенал хьалха даржош ду". Цо тӀетоьхна, вай бан безаш дуккха а болх бу хӀинца а. Ас кхочушдеш ду Лакхарчу Коьрта буьйранчин омра!" – йаздира цо.
Стигалкъега-баттахь Кадыровн Путинца хиллачу цхьаьнакхетаран жамӀо дагадоуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочо массийтаза "дарж дита" лаам хилар дина дIахьедарш. Маршо редакцин хьесапашца, цхьана 2015-чу шарахь дуьйна цо лаххара а 6-зза дӀакхайкхийра иза, тӀаьххьара -2022-чу шеран гезгмашан-баттахь, Кадыровс йаздира, ша дуккха тӀех вехха Ӏаш ву, шеко йоцуш "хIинца садаӀа" бакъо йолуш ву ша аьлла.
"Сан валарх лаьцна хаамаш хеназа хьалха бу"
Соьлжа-ГӀаларчу цхьана клиникера лоьро дийцарехь (оха цуьнан цӀе йоккхуш йац кхерамазаллийн бахаьнашца), тахана вайна гуш волу стаг, кхин стаг ву, шо хьалха хиллачул а. Ковид йолчу хенахь, йозалла совъйаьллачу Кадыровн метта, хIинца кхин тайпа стаг ву вайна гуш – мокха, тишвелла стаг. ХIинца кхин цхьа а мараваьтлуш вац цунна, массара а дистанци ларъеш йу, дукхахдолчу декъана салам тоуьйтуш. Цуо гойту, цуьнан цамгар хьакхайелла дегIан меттиг- нисса гӀодаюкъна а, некхан дукъан йукъахь хилар, билгалдоккху говзанчо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун жигаралла де-дийне мел долу лахлуш хилар тидамза дита хала ду. ХIинца, наггахь, пассажиран метте а хиъна, гӀишлош йечу меттигашка лелар доцург, наггахь цхьана хӀуманна комментареш а йеш, кхин йолу мероприятешкахь хуьлаш вац иза.
ММА-н а UFC-н спортсменашца леташ сурт хIиттор, дӀайаханчу заманахь дисна. Динан барамашкахь, хуьлийла иза зикрш йа мовлид, йа республикехь дӀабоьхкинчу безачу шайхийн кешнашка зияртехь дакъалоцуш вац Кадыров,.
Нохчийчуьрчу редакцин хьостано дийцира, тӀаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун могашаллин хьолах лаьцна шен тидаме эцнарг. Цо дийцарехь, камерашна ца гучехь, шен гергара накъосташа гонахь, Iасанаш лелор гӀоле хета Рамзанна. Кадыров хаддаза саготта ву шен могушалла телхина хиларна, шена дарба деш Европерчу лоьраша дакъалацар а доьху, уьш Дубайе дIакхойкхаш, чӀагӀдо хьостано. Оцу муьрехь, шен декхарш воккхахволчу кӀантана Ахматна тӀедуьллу, Iедал белхахой цунна массо а агIор муьтIахь хилар декхаре а беш.
Дагадоуьйтур вай, Кадыров Рамзан Ӏедалехь волу ткъа шо ду: ши шо премьер-министран а, 18 шо республикан куьйгалхочун даржехь а.
Статус-кво леш велахь а?
Шега дарж дита бакъо йоьхуш йух-йуха а, моттаргӀанаш лелош, Кадыровс хьаькамна "ша тешаме хиларан хаам бо". Президентан муьлхха а сацам шеко йоцуш, ша тӀеоьцур бу, аьлла, беш хаам бу, дуьйцу нохчийн цхьана университетан политолого редакцица хиллачу къамелехь.
"ХIинца а цуьнан могушалла ледара йоллушехь, республикан куйгалхо иза латтор бахьан - иза оццула тешаме хилар ду. Цул сов, Рамзан ша мел веха а, куьйгаллехь латтахь, республикан статус-кво латторна, гарант ву иза, цуьнах Путин а кхета. Кадыров Рамзан формалан кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь мел лаьтта, цхьа а ваьхьар вац цунна а, Iедална тӀегӀерта. Цо кхочушъйеш йолчу Москван политикана эшам бан а. Ткъа Кремло оццу хенах пайда оьцу, Ӏедал кховдо, шайна тешаме стаг кечвеш", - билгалдоккху хьостано.
Дарж дита ойла хилар кест-кеста дӀахьедарш дар, авторитаран Ӏедалшкахь даьржина хӀума ду, чӀагӀдо Джордж Вашингтонан университетан (США) Ӏилманан белхахочо Ильясов Марата.
"Оцу кепара, царна дукхахьолахь лаьа шайн мехалалла а, шаьш хийца а йиш йоцуш хилар гайта. Ткъа Кадыров а вац кхин царех башхалла йолуш: цунна а лаьа гайта Оьрсийчоьнан куьйгалхочунна, ша республикана урхалла дан оьшуш хилар. Иза, ма-дарра аьлча Оьрсийчоьнна кхерамаш туьйсуш а вац. Амма ала гIерташ ву: нагахь санна шуна сан мехалалла ца гахь, со дIагIура ву, тIаккха уьш цуьнан дозалла дийца буьйлало.
Авторитаран куьйгалхочунна шен мехалалла тӀечӀагӀъйан оьшуш хуьла, стенна аьлча, иза кхечу стагаца атта хийца йиш йу. Ткъа и стаг а ву, иштта авторитаран хила мегаш, вукхулла а оьшуш, дуьйцу Ильясовс кхидӀа а: "Бакъдерг аьлча, авторитаран куьйгалхой наггахь бен ца хуьлу говзалла йолуш, ткъа Кадыров а вац кхин къаьсташ".
- Кадыров 2007-чу шарахь дуьйна республикан куьйгалла деш ву - регионан куьйгалхошна йукъехь, даржехь уггаре а дукха хан йаьккхина цо. ТӀаьххьара, йуха а цу дарже иза хаьржира 2021-чу шарахь. 2026-чу шарахь цуьнан куьйгалла до хан чекхйолу.
- Кадыровс масийттаза а харцдира шен могушаллица халонаш хиларх лаьцна даьржина эладитанаш: видеохь ша упражненеш йаш, боккха тӀулг кхуссуш, машен тоьтташ, шен уллерчу накъосташца латарш деш гойтуш. Стохка марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо даре дира ша хӀора кхаа баттахь "капитальни ремонте" воьдуш хилар, ткъа хӀора эха шарахь "йоккха ремонте".