Нохчийчохь шуьйрачу барамехь 17 шо долчу Кадыров Адаман той дӀадаьхьир а, республикехь Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, до1анаш дар бина кхайкхам а, "Ахмат" спецназан буйранча волу Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал а, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, -цунах а доцчуху а дуьйцар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Адаман зудайалош хIоттийна той
Дашо герз а, ворхӀ миллион доллар мах болу сахьт а, кхайкхина хьешашна йукъахь йеа пачхьакхара а Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалш а, – иштта шуьйра дӀадаьхьира дахначу мукъаденошкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Адаман 17 шо долчу кӀентан той.
Адаман воккхаха волу ши ваша Ахьмад а, Iелий а ву 17 шо долуш зудайалийна, амма шеко йоццуш, оццул боккхачу барамехь даздина дацара иза. Цкъа делахь, хиндолу захалонах официалехь хаам бора Кадыров Рамзанс церан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, ткъа Адаман той хиларх лаьцна дуьххьара тӀечӀагӀдира цуьнан йишас Ӏайшата. Цо дийцира, Адаман нускалан цӀе Медни хиларх а, иза КадыровгӀеран дай баьхначу Ахмат-Юьртара (хьалха ЦӀенторой) хиларх а, цигахь хIоттийнера ловзар а.
Оьрсийчохь официалехь магош дац берхIийтта шо кхаьчначул тIаьхьа бен зуда йало, амма цхьацца йолчу меттигашкахь мунициапалан Iедалша магош ду 16 шо кхаьчча а. Ткъа Нохчийчохь зуда йалор магийна ду 14 кхаьчначул т1аьхьа, хетарехь Кадыров Адамна шена и бакъо йокхуш хало хилла хира йац.
Х1ун бахьан ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен кӀенташна оццул хьалхе зудайалор а, шен уггаре а титулаашца воьвзуш волу к1ентан зудайалор оццула шуьйра даздар? Нохчийн оппозицин "Nyiso" боламан векалшна хетарехь, иза доьзна ду Кадыров Рамзанан метта хӀотто кандидат лехамашца. Из-за боху политолога Айсин Руслана а.
"Хетарехь, Кадыров Адам Нохчийчоьнан куйгалхочун метта хIотто кечвеш ву, мухха а делахь, иштта гойтуш ву цара иза. Адам стенна къастийна боху хаттар, схьгарехь, иза доьзалехь дийцаредина ду. Амма оцу тойна сил чIогIа политикан тидам тIебахийтаро цхьа хIума гойту – политикан акци цунах йина хилар. ДIагайта деза, зуда а йалийна, чуверзарца иза къонах санна лоруш ву, доьзалан да хиларал совнаха, мехкан да а хила хьакъ а волуш."
Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Ахмат-Йуьрта боьду некъ къевлина бара нускал даладале кхо де хьалха- чекхбуьлуьйтура оцу тойне кхайкхинарш.
Кадыров Рамзана, дийцарехь, хьешашна йуккъехь бара Туркойчоьнан а, Казахстанан а, ГӀажарийчоьнан а, Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн а векалш а, вице-премьераш Мантуров Дениса, Новак Александра, зударшна коча гIертарна бехкаш дехкина хилла волу ЛДПР-ан куьйгалхо Слуцкий Леонид а, ГӀезалойчоьнан куьйгалхо Минниханов Рустам а. Хьешашна дихкина дара: суьрташ а, видеош яха а, "оьзда доцу" духарш а, йезачех хӀуманаш а лелор а.
Амма и тайпа дехкарш массарна а хьакхалуш дацара. Социалан машанашкахь йаржина видеохь гуш ду, Адаман хонах оьллина дашо тапча йу, урхалла дан цуьнан бакъо йоцчу машенчуьра ара кхуьйсу цо тапча. Пхьарсах дихкина ду Jacob & Co олу сахьт ду, 320 бриллиантца кечдина. Оригиналан версин мах бу ворхӀ миллион доллар, йа 550 миллион сом гергга.
Сахьтаца йоьзна кхин цхьа скандал хилира оцу тойнехь, "Ахмат" спецназан буьйранча волчу Алаудинов Аптица. Цо дийцарехь, тойне вархьама "шина денна" мукъа хан йехнера цо, иза а веанера Badollet Observatoire I872 Chronograph сахьт а дихкина. "ВЧК ОГПУ" телеграм-канало йаздинера, церан мах 270 эзар евро бу аьлла, амма тхан редацин хааделира, 155 эзар евро (14,2 миллион ₽) мехах а ишта сахьт духкуш хилар.
"270 эзар евро мах болу сахьт соьгахь хиллехь а, суна хIунда хета деза шух эхь? Со хьанал лелаш вац аьлла, суна тIе пIелг хьажо йиш йуй щун? Ас цхьаъ лачкъийнехь, цхьангара схьайаьккхинехь – тIаккха ала шайна хеттарг", - жоп деллера Алаудиновс телеграм-каналан авторшна, МИ-6-нна болх беш йолу "нIаьнеш" йу шу а олуш.
Тойнан коьрта интрига йара зуда йалочу кIентан да, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан оцу ловаргахь ца хила тарлуш хилар. Той хIоттадале цхьа-ши де хьалха Соьлжа-ГӀалахь дӀайолаелира Оьрсийчоьнан регионийн коьртачу архитекторийн съезд, цигахь политикна говзанчийн лаккхара совгӀат делира, цо гӀаланаш кхиорехь дакъалацарна. Кадыров цу церемонехь а, цул тӀаьхьа а ца хилира. Цуьнан метта совгӀат схьаийцира Нохчийчоьнан экономикан а, территориалан а кхиоран министро Шаптукаев Рустама. Иштта иза вистхилира мехкан куьйгалхочун цIарах маршалла хоттуш а.
Нохчийчуьра бахархошлахь дIасайаржийра зорбанан министран гIовса Баширов Сайд-Мохьмадан озаца дIайазйина аудио. Цо дехар дора " Хьал муха ду хьуна аьлча, вай катоьхна орцах довла деза… Вайн Рамзан-Хьаьжа вехийша ламазаш тIехь а, доIанашкахь а", - бохура Башировс, оппозицин Niyso канало йаржийначу.
ТӀаьхьо хьаькамо дӀахьедира, ша вуьйцург Кадыров Рамзан вацара, ша вуьйцучун цIе а ца йаьккхинера, цуьнах "Рамзан Ахматович, паччахь" ца аьллера.
Той хилале цхьа де хьалха Niyso-н жигархоша йаздинера, лоьраш Кадыровна гонах хьийзаш бу. Амма, тхан редакцин хьостанаша дийцарехь, Кадыров Рамзан дийно сарралц а, буьйса йуккъе йаххалц а шен хьешашца хилла ву.
Кхиазхой: Г1алг1айхочь вайнарг а Нохчийчохь лаьцнарш а
Кху кӀиранах Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра кхиазхошца боьзна сингаттаме хаамаш баьржира.
Бакъонашларъйаран "Мемориал" центро хаам бира Нохчийчохь 16 шо долу кхо дешархо - низамехь доцуш, ворхӀ баттахь полицехь лаьцна латтош хилар.
Бакъонашларъйархоша дийцарехь, 2024-чу шеран гIуран-баттахь ӀабдуллахӀ бин Талал Аль-Хьусейнан урамехь сацийна, нуьцкъала машен чу а ховшийна, дӀабигира кхиазхой. ХӀетахь дуьйна уьш латтош бу Соьлжа-ГӀаларчу БойсхIаран кӀоштан полицин 2-декъехь. Кхиазхошна кховдийна бехк бац, йа адвокаташ т1екхачийта бакъо а ца ло, билгалдоккху "Мемориал" центро.
Дийцарехь, оцу 2-чу полицин декъан коьртехь ву Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан вешин кӀант Висмурадов АбутIахьир. Висмурадов Абузайд Рамзанан уллора б1анакъост ву, цуьнан кӀант Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалхочун 4-гӀа йоӀ Табарикан ц1ийнда ву. Иштта, Висмурадов «Терек» СОБРан а ницкъхойн блок куьйгаллехь ву. Нохчийчохь гейш хьийзорна бехкево иза. 2019-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептаршка а тоьхна иза. Цхьа шо ах шо хьалха Оьрсийчохь цунна инарла-майоран ц1е йелира цунна.
ГӀалгӀайчохь лар йоцуш вайна 16 шо долу Мусиев Ислам – цул жимма хьалха цо бакъонашларъярхошка латкъам бина хиллера, шена йеттарх а, шен доьзаллехь вен кхерамаш тийсарх а лаьцна. "СК SОS" кризисан центран а, "Нана йоцу Кавказ" проектан а аьтто ца белира к1антана республикера дӀаваха гӀо дан, иза кхиазхо хилара бахьана. Амма бакъонашларъярхоша гӀо дира кхиазхойн гӀуллакхашкахула йолчу инспекцин хьал цуьнан хьал хаийта. Инспектор веана кӀира даьлча, Мусиевс зӀе латтор сацийра; мангал-беттан 9-чохь дуьйна цуьнгара кхин хилла хаам бац.
Цул хьалха кхиазхочо дӀахьединера, гергарчера ша вен 1алашо йу аьлла, ц1ераш хьахош.
Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, 2023-гӀа шо чекхдолуш дуьйна Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ лайна нехан дехарш алсамдовлар, кхузахь къаьсттина меттиг дӀалоцуш ду «сий дайъарна вер» – гергарчара доьзалхо, сий дойуш леларна вуьйш. Иза даьржина ду уггаре хьалха Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГӀалгӀайчохь а. Кхаа а республикехь “сий даъарна вер” меттигерчу Ӏедалша гӀортор йеш, хьулдеш ду.
Нохчийчохь эскархочунна кхел йар
Шиъ стаг вуьйг некъан бохамна бехке волу 20 шо долу нохчийн эскархочунна Межидов Арбин та1зар малдина, цо Украинехь т1ом барна. Къаьркъа мелла а волуш, машен лело бакъо а йоцуш хиллера иза.
И бохам хилла стохка гезгамашин-беттан 21-чохь Устрада-Джалка олучу боккхачу некъа т1ехь. Хетахь меттигерчу телеграм-каналаша йаздира цунах лаьцна. Хаам бора, 2005-чу шарерамашенлелархо Toyota Camry машенан урхалла дечу хенахь дуьхаллелачу машенийн новкъа а ваьлла, Lada Priora машенна т1екхеттера, аьлла. Межидов а цуьнца цхьана хилла пассажир дийна висира, амма Лада машенлелархо а, цуьнца машенахь хилла зуда делира.
Цкъа хьалха, Маджидовн исс шо хан туьйхира чохь даккха, амма т1аьхьо та1зар малдира.
Бехкевечо къовсаме баьккхира и сацам. Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело сацам бира, Межидовс бохам ларамза бина хилар. Межидов "дикачу аг1ор ц1е йоккхуш хилла, ша вехачу меттехь а, эскарехь а. Украинана дуьхал бечу т1амехь чевнаш йина а, пачхьалкхан совг1ат делла хилла ву, аьлла ду кхелан сацамехь."
Мажидовна чохь даккха тоьхна 9 шо хан хийцира -колони -поселенехь вуьтуш.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: