"Паччахь" а, "хинволу эла" а: Кадыровн 17 шо долчу кIентан ловзар политикан ишар санна

Кадыров Адам

Дахначу мукъаденошкахь Нохчийчохь той хилира мехкан куьйгалхочун 17 шо долчу кӀентан Кадыров Адамна зуда йалийна. И даздар дӀадаьхьира шуьйрачу барамехь: дашо тапча а кхуьйсуш, ах миллиард мах болу сахьташ а дихкина, инзаре исбаьхьа фейерверкаш кхуьйсуш. Кхузахь тамашен хIун ду аьлча, воккхаха волчу вукху шина кIентан ловзар къайлах хIоттийнера, ткъа кхунах лаьцна хьалхе дуьйна хууш а, дуьйцуш а дара. Ловзар муха дIадаьхьира а, Кадыров Рамзанан уггар а айвина лелочу кIанта зудайалор политикехь цхьа ойла йолуш дина хIума дуй-те дуьйцу кху материалехь.

Воккхаха волчу Кадыров Ахьмадна а, йуккъерчу Ӏелина а зудайалош хилар официалехь гIараделира президентца Путин Владимирца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, ткъа Адаман той хиларх лаьцна дуьххьара тӀечӀагӀдира цуьнан йишас Ӏайшата. Кху шеран чиллан-баттахь цо Нохчийчоьнан вице-премьеран дарж дитира, дӀайехира шен инстаграмера публикацеш. Цул тIаьхьа дикка хан йаьлча цуьнан агIонехь гучубелира цо бина хаам. Шен сторизашкахь цо дийцира, Адаман нускалан цӀе Медни хиларх а, иза КадыровгӀеран дай баьхначу Ахмат-Юьртара (хьалха ЦӀенторой) хиларх а, цигахь хIоттийнера ловзар а. Къастош билгалдаьккхира Ӏайшата, Адам дуьххьара зуда йалош хилар. Хетарехь, иза доьзна ду "Новая газета. Европа" хьасто стохка аьхка зорбанехь бинчу хаамца. Кадыров Адам шен вешица Ӏелица цхьана зуда йалош ву бохуш йаздира цара.

Адама йалийнарг берхIийтта шаре а йалаза, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу бIанакъостан, Оьрсийчоьнан парламенан депутатан Делимханов Адаман йоI йу бохура. Делахь а, тхан сайтан хьасташа дийцарехь, цо йалийнарг Медни йу – Делимхановн йоьIан йоI.

Оьрсийчохь официалехь магош дац берхIийтта шо кхаьчначул тIаьхьа бен зуда йало, амма цхьацца йолчу меттигашкахь мунициапалан Iедалша магош ду 16 шо кхаьчча а.

Дашо тапча а, сахьташна тIехула скандал а

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Ахмат-Йуьрта боьду некъ къевлина бара нускал даладале кхо де хьалха- чекхбуьлуьйтура оцу тойне кхайкхинарш. Амма царна а бора бехкамаш: тIех сов деза духарш доцуш, оьзда, лергахь, пIелгах йеза хIуманаш йоцуш хила аьллера. Видеош йаха а, суьрташ даха а дихкина дара.

Уггаре а гергарчу гонна а, нускал далочунна а бен магийна дацара шен ма-хетта цу дийнахь кечвалар, гуш ду и цхьацца дIасадаржийначу суьрташ тIехь. Адаман хонах оьллина дашо тапча йу, урхалла дан цуьнан бакъо йоцчу машенчуьра ара кхуьйсу цо тапча. Пхьарсах дихкина ду Jacob & Co олу сахьт. Billionaire ASHOKA сахьт ду 320 бриллиантца кечдина. Оригиналан версин мах бу ворхӀ миллион доллар (мангал-беттан 30-чу дийнахь хиллачу курсаца 550 миллион сом гергга). Уьш цхьана экземплярехь арахецна сахьт ду, йаздинера РБК сайто 2020-чу шарахь.

Сахьтаца йоьзна кхин цхьа скандал хилира оцу тойнехь, "Ахмат" спецназан буьйранча волчу Алаудинов Аптица. Цо дийцарехь, тойне вархьама "шина денна" мукъа хан йехнера цо, иза а веанера Badollet Observatoire I872 Chronograph сахьт а дихкина. "ВЧК ОГПУ" телеграм-канало йаздинера, церан мах 270 эзар евро бу аьлла, амма тхан сайтана хааделира, 155 эзар евро тӀера (I4,2 миллион ₽) мехах а ишта сахьт духкуш хилар.

"270 эзар евро мах болу сахьт соьгахь хиллехь а, суна хIунда хета деза шух эхь? Со хьанал лелаш вац аьлла, суна тIе пIелг хьажо йиш йуй щун? Ас цхьаъ лачкъийнехь, цхьангара схьайаьккхинехь – тIаккха ала шайна хеттарг", - жоп деллера Алаудиновс телеграм-каналан авторшна, МИ-6-нна болх беш йолу "нIаьнеш" йу шу а олуш.

"ТIаьхьенна витина эла"

Тойнан интрига йара зуда йалочу кIентан да, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан оцу ловаргахь ца хила тарлуш хилар. Той хIоттадале цхьа-ши де хьалха Соьлжа-ГӀалахь дӀайолаелира Оьрсийчоьнан регионийн коьртачу архитекторийн съезд, цигахь политикна говзанчийн лаккхара совгӀат делира, цо гӀаланаш кхиорехь дакъалацарна. Кадыров цу церемонехь а, цул тӀаьхьа а ца хилира. Цуьнан метта совгӀат схьаийцира Нохчийчоьнан экономикан а, территориалан а кхиоран министро Шаптукаев Рустама. Иштта иза вистхилира мехкан куьйгалхочун цIарах маршалла хоттуш а.

Нохчийчуьра бахархошлахь дIасайаржийра зорбанан министран гIовса Баширов Сайд-Мохьмадан озаца дIайазйина аудио. Цо дехар дора " Хьал муха ду хьуна аьлча, вай катоьхна орцах довла деза… Вайн Рамзан-Хьаьжа вехийша ламазаш тIехь а, доIанашкахь а", - бохура Башировс, оппозицин Niyso канало йаржийначу.

Кремлна чIогIа лаьара, Кадыровн бераш даккхий хила

ТӀаьхьо хьаькамо дӀахьедира, ша вуьйцург Кадыров Рамзан вацара, ша вуьйцучун цIе а ца йаьккхинера, цуьнах "Рамзан Ахматович, паччахь" ца аьллера. Ша вуьйцург муфтийн гIовс волу Сатаев Рамзан вара бохура цо, Астраханера деган а, пхенийн а хирургин центрехь дарба деш волу. Махкарчу тхан сайтан хьостано тӀечӀагӀдира иза цомгуш ву, могушалла зен Астрахане вахана а вара, амма билггал цуьнгарчу хьолах лаьцна хууш дац.

Той хилале цхьа де хьалха Niyso-н жигархоша йаздинера, лоьраш Кадыровна гонах хьийзаш бу, Сатаевна гонах бац аьлла. Амма, тхан редакцин хьостанаша дийцарехь, Кадыров Рамзан дийно сарралц а, буьйса йуккъе йаххалц а шен хьешашца хилла ву. Оцу йукъанна "паччахьан" доьзалехь зуда йалор дуьххьара дерзош ду шайн кертахь. Хила тарло иза, Кадыровгара хьал дика цахиларца а.

Оццу бахьанашца кIентан ловзар дIа ца теттина хила а тарло, аьлла хета жигархошна.

"Кадыровн кӀентийн хенаш бахьана долуш, гӀант хьаьнга кхачор долуш ду боху хаттар чолхе долу. Кремлна чӀогӀа лаьара, цуьнан бераш даккхий хила. Амма цара хӀетте а шайна оьшучу барамашка хьалхатоьтту уьш: даржашка хIиттош, совгIаташ луш, зорбанашкахь хьехош, зударий балош. Оьрсийчоьно дIалаьцначу Нохчийчохь лелош йолу раж чIогIа йозайелла йу гергарлонаш тIехь, Iедал шайн карахь дита хьийзаш. Корматалла, компетенци йац цигахь лоруш, оцу доьзална хьан герга хилар ду. Цундела шайн ма-хуьллу шайн "клан" чIагIйан, шорйан хьийза уьш, кхин хан а ца йойуш", - бохура "Нийсо-н" векало Дышни Ансара редакцица хиллачу къамелехь.

ТIейогIучу заманчохь Iедалан мукъ Кадыров Адаман кара бала гIерта аьлла хета политолог Дубровский Дмитрий тешна ву, кхиазхочун ловзар сил шуьйра дIадахьар йоллу Оьрсийчохь а дихкина ду аьлла.

"ТӀом боьдучу хенахь оцу кепара хьоле барам вовшахтохар Москвахь таIзар деш хIума ду, вайна дукхазза гина а ду. Дукха хан йоццуш дуьненаюкъарчу экономикан форуман йистехь францхойн шампански а Iенош, ма-дарра аьлча, Iайгашца Ӏаьржа икра йиъначу "Альфа-банкца" дов латтийра. Кремлехь берш кхеташ бу, нахана гуш-хезаш оцу кепара харжаш йеш тIеман заманахь тойнаш хIиттон оьшуш доций. Тийна-тапъаьлла зуда йалийнехь дIадолуш ма дара, доллу дуьненна а мохь а ца бетташ. ХIара тамашен истори йу – кхузахь а гуш ду - Нохчийчоь шатайпа меттиг бу. Къаьсттина, вуьйцург "хинволу эла" хилча", - билгалдаьккхира Дубровскийс.

Кадыров Адаме кховдо тарло Iедал бохуш, дийцарш долийра 2023-чу шарахь, хӀетахь 15 шо долу кхиазхо карьерехь цIеххьана хьала айвира. Соьлж-ГӀаларчу СИЗО-хь КъорӀан дагорна бехкевечу Журавель Никитина камерана хьалха йиттинчул тIаьхьа долийра цунна совгIаташ дар а. Ша Кадыров Рамзана дӀахьедира, ша цуьнах дозалла до, цо цхьана а кепара низам дохийна меттиг карийна йац полицина аьлла.

Цул тӀаьхьа Кадыров Адам куьйгалла деш вара шен ден кхерамазаллин сервисан. Оццу даржехь вара, карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхо верг а, шен да мехкан презиент волчу заманчохь. ХӀинца Адам "Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре" йазвина а ву - цхьана федералан субъектан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан уггаре жима куьйгалхо санна.

Нохчийчохь кхоьллинчу тӀеман министраллан Бенойн БойсгIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн а, Гудермесехь Украинана дуьхьал тӀом бан кечбечу лаамхойн "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а куратор хилира кхиазхо тIаьхьо. Оханан-баттахь иза иштта хӀоьттира Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретаран дарже а.

Мехкан турпалхочун седа а белира цунна. Цул тIаьхьа совгIаташ дан долийра цунна кхечу регионашкахь а: кхиазхочунна делира ГIиргIазойнчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а хьалха гIуллакхаш кхочушдарна совгIаташ, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" 1-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.

• Тхан редакцино зорбане даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гергарчу нахах Ӏедалехь болчарех карладаьккхина тептар. Кадыров Ахьмадан культ йаржош хиларх: республикехь цуьнан цIарах бу 300 сов урам, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Росгвардин полк. Оцу полкан ларми чохь дуккха а нах байина аьлла, йаздира "Новая газето".

• Кадыров Рамзана юха а терго йира, шен могашаллех лаьцна даьржинчу эладитанийн. Шена Дала ваха йеллачу хенахь вехар ву ша элира цо, бохура "хIора а стаг вала везаш ву". Цуьнан даржера дӀавала тарлуш хиларх а, могашалла эшна йогIуш хиларх а лаьцна бӀостане хаамаш а, социалан машанашкахь философин маьIнашца посташ а йаржочу йукъанна, эксперташа дийцаредо, хӀун ду-те Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу кепара дечу дӀахьедаршна тӀехьа бохуш.